Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
December 29, 2023Динна тIехула мацалла кхайкхийна нохчийн тутмакхо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #43Нохчийчуьрчу Iедална пиар йарна лерина контент-центр, лачкъийна вигина боксехула дуьненан чемпион 10 баттахь лаьцна латтор, набахтехь хан токхучу нохчочо мацалла кхайкхор – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 43-чу подкастехь....more12minPlay
December 22, 2023Швейцарин Iедалхоша депорт йийр йац нохчочунна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #42Швейцарин Iедалхоша Оьрсийчу депорт йийр йац Батаев Iелина, Кадыровн йоI – цхьана меттахь исс комиссина йукъайахийтина, ткъа ГIалгIайчохь виъ батIалхьажо лаьцна стаг верна бехкевина – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 42-чу подкастехь....more12minPlay
December 15, 2023Кадыровн "дуьххьалдIа эфир" | МАРШОНАН ПОДКАСТ #41Нохчийчуьура кхел дуьхьал йу Мусаева Зарема маьршайаккха, цуьнан могушалла дика йоццушехь; Кадыров Рамзана дуьхьалдIа эфир хIоттийна, йуха а къобалдина цо КъорIан дагорна бехкевечунна йеттар, ишта кхерамаш тесна мехкан урхалхочо спортхошна а, блогершна а "нохчийн гIиллакх-оьздангалла бехдарна". Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 41-чу подкастехь. ...more11minPlay
December 08, 2023ООН-н конференцихь ду Кадыровн бераш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #40Дубай конференци хьовсийна Кадыровн бераш, инарлаш бина Путина Украинехь тIом бинчу кавказхойх, бардан Муцураевн иллина тIехула дина таIзар – кхунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 40-чу подкастехь....more12minPlay
December 01, 2023Палестинера мухIажарш Нохчийчохь | МАРШОНАН ПОДКАСТ #39Кадыров Адаман керла дарж, КъорIан дагорах лаьцна нохчийн имамашка хеттарш дар, ГIазза секторера Къилбаседа Кавказе баьхкина мухIажарш а – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршонан 39-чу подкастехь....more12minPlay
November 24, 2023Нохчийн спортхошна дов дар, нохчийн Iедало ГIаззина гIо дарх дIахьедар | #38ГIазза декъе орца хьежорах Нохчийчохь дIахьедар, ГIиргIазойчоьнан кхело нохчийн жимстаг Мовлаев Мансур пачхьалкхера араваккха сацамбар, камерашна хьалха нохчийн спортхойн йуьхьйахар - цунах кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 38-чу подкастехь....more9minPlay
November 17, 2023РогIера совгIаташ дар а, Кадыровн гергарнаш даржашка хIиттор а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #37Эрмлойчохь лаьцначу 21 шо долчу гIалгIайн йоIах хилларг, Нохчийчохь рогIера совгIаташ, даржаш декъар, Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла чувоьллинарг маьршаваккхар а - цунах кхиндолчух дуьйцур Маршо Радион 37-чу подкастехь....more14minPlay
November 10, 2023Нохчийчохь ницкъахоша рейд йина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #36Белокиев Исламан 6-гIа бехктакхаман гIуллакх, 15 шо долчу нохчийн куьйгалхочун кIентан лаккхара дарж, вагнеровхой "Ахмате" дехьабовлар – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 36-чу подкастехь....more12minPlay
November 03, 2023Кавказера антисемитизм а, совгIаташ доцуш виссина Кадыровн кIант а #35ХIинжа-ГIаларчу аэропортера къепедацарш, Нохчийчохь керла батальон кхоллар, КъурIан дагорна лаьцна волчу Журавелан кхел йуха а дIататтар – цунах, кхиндолчух дуьйцур ду Маршо Радион 35-чу подкастехь....more13minPlay
October 27, 2023Францихь вайнах бехкебар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #34Нохчийн юристана вен кхерам лаьттта, доьзалера гIелонах йеддачу ГIалгIайчуьра йоIана гIо дарна, Францихь кхиазхой бехкебина Израилан векалтана тIелата кечлуш хилла аьлла, UFC-н латархочунна Чимаевна кхоалгIа "Мерседес" йелла Кадыровс, ткъа мехкан урхалхочун кхиазхо волчу кIантана ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а лаккхара совгIаташ делла. Цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршонан 34-чу подкастехь....more12minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.