Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
May 26, 2023"Яндекс.Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш, Закаевн вешин кIант лачкъор | МАРШОНАН ПОДКАСТ #12Оьрсийчуьра араволуш кадыровхо дIалацар, нохчочунна депорт йаран кхерам, Закаевн вешин кIант лачкъор, Хорватехь нохчийн мухIажар маьршаваккхар, "Яндекс.Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион шийтталгIачу подкастехь дуьйцур ду....more14minPlay
May 19, 2023Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #11Доьзалехь Iазап лайначу ГIалгIайчуьрчу йоьIан дIакхалхар, Украинехьа тIом бина нохчийн тIемало Соьлжа-гIала йухаверзар, Кадыров Рамзанан Чехера говр лачкъийна, цIайалор, ХIирийчохь къизаллийца адам дийна полисхо набахтера арахецар - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион цхьайттaлгIачу подкастехь....more15minPlay
May 12, 2023Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #10Йийсаре кхачарна Кадыровга гечдар дехар, Иракъерчу набахтехь Къилбаседа Кавказерчу зударша кхайкхийна мацалла, кхин а цхьа нохчийн оппозиционер федералан лехамашка валар - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иттолгIачу подкастехь....more13minPlay
May 05, 2023Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #9"Iазапехь лаьттачу къаьмнашна" тIехIутту эскар вовшахтоха Кадыровна дагадар, Пригожин "сацон" лерина болу нохчийн Iедалхой, Нохчийчуьра вахархочо шена гечдар дехар, "терроризмаца къийсам латторна" Кадыровн невцана дина совгIат - цу дерригенах а, кхиндолчух а дуьйцур ду Маршо Радион иссолгIачу подкастехь....more10minPlay
April 28, 2023Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнкIазан чIожера вахархо | МАРШОНАН ПОДКАСТ #8Украинин кхерамзаллин урхалло нохчийн парламентан куьйгалхочуьнга кховдийна шеконаш, Хорватерчу нохчийн мухIажарша кхайкхийна мацалла, Францера нохчо араваккхар - цу дерригенах, кхиндолчух а "Маршо" радион бархIолгIачу подкастехь....more13minPlay
April 21, 2023Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан | МАРШОНАН ПОДКАСТ #7Йийсархошца цхьаьнакхета ца лиина Кадыров, даккхийчу зуламашкахь зебеллачу хьаькамашна "турпалхойн" мидалш йалар, Нохчийн оппозицерчу жигархошна йуккъехь иккхина конфликт, Москвахь дагийна КъурIан - цу дерригенах а, кхиндолчух а Маршо радион 7-чу подкастехь....more13minPlay
April 14, 2023Зеленскина Ичкерин орденаш йалар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #6Зеленскина Ичкерин орденаш йалар, Украино кечдина контртIелатар Кадыровс къобалдар, Нохчийчуьра эскархо кема эккхийта кхерамаш тийссарна дIалацар, ГIалгIайчохь лаьттан дов хьокъехь дIалийцинчу митингахошна Еврокхело магийна компенсаци, Кадыровн йоьIаршна делла шеконе совгIаташ – цунах дуьйцу Маршо Радион 6-чу подкастехь....more15minPlay
April 07, 2023Бюджетникашка Кадыров хеставе бахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #5ГIалгIайчохь полисхошна бина тIелатамаш, Москвахь дан леринчу маьждигна дуьхьалонаш йар, цу хиламна Кавказан реакци, бюджетникашка Кадыров хеставе бахар, Соьлжа-гIалахь керла къайлах набахти карор, Нохчийчоьнан куьйгалхочун галйаьлла хилла тарло могушалла – цунах дуьйцу Маршо Радион 5-чу подкастехь....more14minPlay
March 31, 2023Нохчийчуьрчу Гуьмсехь герз диттина вийна ши стаг | МАРШОНАН ПОДКАСТ #4Нохчийчохь дIа а гойтуш, тIемалой хила тарлурш байар, Кадыров Рамзанан хилла критик Соьлжа-гIалахь гучувалар, Соьлжа-гIалин йуккъехь цхьа тамашийна баннер хIоттор, КадыровгIарна "Хьакъволу бакъонашларйархо" мидалш йалар - цунах дуьйцу "Маршо" Радион йоьалгIачу подкастехь....more15minPlay
March 24, 2023Кадыровн кхерамашна Германин реакци | МАРШОНАН ПОДКАСТ #3Кадыровс туьйсучу кхерамашна Германерчу Iедалхойн реакци, Соьлжа-гIалахь дIахьош болу "къоман гулам", таIзарш дарна гIуллакх гIаттор кхойтталгIа а тIе цаэцар, Францин цIарах леттачу нохчийн латархойн дашо мидалш - цу дерригенах лаьцна ду Маршонан 3-чу подкастехь....more9minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.