Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
August 08, 2025Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #113Мусаева Заремина кхин а диъ шо гергга хан тоьхна, ГIазза секторан бахархошна гулдечу ахчана тIехь терго латтор йу Кадыров Адама, ХIирийчоьнна а, Гуьржийчоьнна а йукъарчу постехь мацалла кхайкхийна пхеа украинхочо – цунах а, и доцчух а ладогIа таро хир йу шуна тхан 113-чу подкастехь....more10minPlay
July 11, 2025Нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча | МАРШОНАН ПОДКАСТ #112Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча а, Мусаева Заремин кхелехь хилла ладегIарш а – цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь....more10minPlay
July 04, 2025ГIалгIайхочь вайнарг а, Нохчийчохь лецнарш а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #111Нохчийчохь доккха ловзар хIоттийра 17 шо долчу Кадыров Адамна зуда йалийначохь, Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, доIанаш дар доьхуш махкахь бина кхайкхам, "Ахмат" спецназан буйранчан Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, - цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь. ...more10minPlay
June 27, 2025"Оьрсийн йукъаралла" нохчийн берашна дуьхьал йаьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #110«Оьрсийн йукъаралла» нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь....more9minPlay
June 20, 2025Нохчийчуьра командиро эскархошкара кхаьънаш дахар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #109Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь. ...more11minPlay
March 28, 2025“Ахматана” хьалха бехказвийла дезна Соловьев Владимиран| МАРШОНАН ПОДКАСТ #108Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн дов а, бохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 108-чу подкастехь. ...more8minPlay
March 21, 2025Кадырова Iайшат а, минералан хиш а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #107Нохчийн оппозиционераша дийцина, полисхоша ницкъбина стаг валарх, Немцовн гIуллакхехула таIзар динарг Нохчийчу дехьаваьккхина, Кадыровс дIахьедина керла полк вовшахтоьхна аьлла – цунах а, и доцчух а дуьцур ду шуна Маршо Радион 107-чу подкастехь....more10minPlay
March 14, 2025Интерполон лехамашкара дIаваьккхина Мадиев Муслим | МАРШОНАН ПОДКАСТ #106Нохчийчохь телеграм дIакъовлар, Кадыров Адаман керла совгIат, Мадиев Муслим Интерполон лехамашкара дIаваккхар –кхунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 106-чу подкастехь. ...more11minPlay
March 07, 2025Терроризмана ахча латторна кхеле йо Соьлжа-ГIалара вахархочунна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #105Нохчийн эскархой украинхошкахьа дехьабевлла, Москвахь леттачу нохчашна хенаш тоьхна, Нохчийчохь кхел йоцуш нах байъарх лаьцна йаздинчул тIаьхьа "Новая газетана"кхерамаш тийсарна бина латкъам Европерчу кхело къобалбина – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 105-чу подкастехь. ...more10minPlay
February 28, 2025Махкара дуккха а нах лечкъийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #104Кадыров Рамзана велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтон украинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь....more11minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.