Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
February 21, 2025Нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #103Кадыров Рамзана, велла дIаваллалц Нохчийчоьнан куьйгалхо хир ву ша аьлла, цуьнан дIакхайкхор а, Соьлжа-ГIалахь лецна латтонукраинхойн йийсархой а, нохчийн йолахочунна пхи шо хан тохар а, – цунах а, доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 103-чу подкастехь. ...more8minPlay
February 14, 2025Нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #102Немцов Борис вуьйш йукъахь хилла Кадыровн гонера стаг Украине лестарх гучудаьлла журналисташна; кхо кIира а ду Мейриевс Бельгера набахтехь мацалла хьоьгу, нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 102-чу подкастехь. ...more9minPlay
February 07, 2025Полисхоша лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчохь кхин цхьаъ а кхелхина | МАРШОНАН ПОДКАСТ #101Полисхоша лачкъийначул тIаьхьа Нохчийчохь кхин цхьаъ а кхелхина, доьзалехь латточу гIелонах йедда нохчийн йоI лаьцнера Казахстанехь, Швецино дIавала хьийзош ву нохчийн мухIажар – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу хIокху 101-чу подкастан декъехь. ...more12minPlay
January 31, 2025Германехь Нохчийчуьра вахархо лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #100Депортаци йинчу Нохчийчуьра йахархочо кхелехь реабилитацин бакъо йаьккхина, Германехь Нохчийчуьра вахархо лаьцна, “Ахматан” тӀемалоша Белгородехь нехан хIусам эккхийтина, нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремина тоьхна хан дIайахйине....more10minPlay
January 24, 2025Терроран гӀуллакх долийна Нохчийчуьра латархочунна дуьхьал | МАРШОНАН ПОДКАСТ #99Нохчийчуьра ийначу кепехь латархочунна дуьхьал даьккхина терроран гӀуллакх, гIалгIачо Мейриев Руслана Бельгерчу набахтехь мацалла кхайкхийна....more8minPlay
January 17, 2025Закаевн кхайкхийна таIзар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #98Оьрсийчуьра баьхкина лаамхой Нохчийчохь йийсарехь, Ичкерин политикна Закаев Ахьмадна кхел йар, нохчийн кхиазхочун Москвара гIуллакх – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 98-чу подкастехь. ...more10minPlay
January 10, 2025Полицихь ницъбина велла кIант | МАРШОНАН ПОДКАСТ #97Полицехь Iазап хьегна 19 шо долчу нохчийн кIентан кхалхар, Оьрсийчоьнан неонацистаца "Ахматан" командиран Алаудиновн хилла цхьаьнакхетар, оьрсийн совдегар вен гIоьртина аьлла, Нохчийчуьра латархо бехкевар – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 97-чу подкастехь ....more11minPlay
January 03, 2025Кадыровн посташна бухахь нохчийн хьаькамаша дитина йозанаш | МАРШОНАН ПОДКАСТ #96Адамаш дIасалелон кемана Нохчийчоьнан стигалахь дина тIелетар таллар, Кадыровн посташна бухахь нохчийн хьаькамаша дитина йозанаш, Нохчийчохь майнерш террорхойх "дIатохар" – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 96-чу подкастехь. ...more12minPlay
December 27, 2024Соьлж-ГӀала доьду пассажиран кема чудожар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #95Соьлж-ГӀала доьду пассажиран кема чудожар, Кадыровс шен доьзална а накъосташна а совгӀаташ далар, Бостон-марафонехь теракт йарна бехкевинчу Царнаевн Байденс кхел тӀечӀагӀйар – цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 95-чу подкастехь. ...more12minPlay
December 20, 2024Жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #94Нохчийн спецназан командирах университетан "сийдолу профессор" хилла, Нохчийчоьнна дронашца доьалгIа тIелатар дина, жигархочун Нохчийчуьра гергара нах лечкъийна – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 94-чу подкастехь. ...more12minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.