Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
July 26, 2024Кадыров, wildberries а, цунна гонах мел дерг а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #73Wildberries-н гонах иккхинчу девна йукъа гIоьртина Нохчийчоьнан куьгалхо, Соьлжа-ГIалара талламан изоляторехь хан такха витина Журавель Никита, Украинера тIамехь кадыровхой хьалхатоьтту – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 73-чу подкастехь....more14minPlay
July 19, 2024Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан | МАРШОНАН ПОДКАСТ #72Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан, мехкан куьйгалхочун нуц шеконечу хьелашкахь набахтехь кхалхар, Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа лаьцначунна тIехь Iазапаш хьегар – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 72-чу подкастехь. ...more12minPlay
July 12, 2024Францера нохчаша шайн махкахо вер талла аьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #71Никъабашна тIехула саццаза къийсамаш латтор а, "Францера нохчийн Йукъаралло" кхайкхам бина шайн махкахо вер таллар тIедожош, ткъа Кадыровн критикаша дIахьедина Нохчийчохь кхин а дуккха а нах лецарх. Цунах лаьцна хезар ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 71-чу подкастехь. ...more9minPlay
July 05, 2024Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #70Никъабаш лелор ханна Дагестанехь дехкар, Нохчийчохь шен гергарнаш лачкъийна бигарх оппозицин блогеро Халитов Хьасанан дIахьедар, Кадыровн вешин кIентан керла дарж – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 70-чу подкастехь. ...more10minPlay
June 28, 2024ХIаллакдийр ду бохуш нохчашна кхерамаш туьйсу Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #69Дагестанехь герзашца дина тIелатарш а, церан тIаьхьало; Нохчийчуьра бахархошна Кадыров Рамзана кхерамаш тийсина; Евробертан санкцийн керлачу тептарехь йу Оьрсийчоьнан къилба а, Къилбаседа Кавказ а. Цунах а, и доцчух дуьйцур ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арахоьцучу 69-чу подкастехь. ...more16minPlay
June 21, 2024Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира | МАРШОНАН ПОДКАСТ #68Ростовера СИЗО-хь закъалтхой лийцира, украинхойн талламхоша Нохчийчуьра эпсарш бехкебина тIеман йийсархошна тоьпаш тохарна, Нохчийчоьнан бюджетан ах дакъа Кадыровн куьйгакIел йолчу компанешкахула схьаоьцуш ду - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 68-чу подкастехь. ...more11minPlay
June 14, 2024Кадыровн кIентан Путинца хилла цхьанакхетар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #67Кадыровн I7 шо долу кIант Путин Владимирца цхьаьнакхеттера, нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина дуьхьало йина могушаллица доьзна хенал хьалха маьршайала, Украинан Iедалхоша бакъ ца до Сумской кIоштара эвла схьайаккхарх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедар, - цунах а, и доцчух лаьцна шуна хезар ду Маршо Радион 67-чу подкастехь. ...more9minPlay
June 07, 2024Буденновскехь хилларг лаьцна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #66Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь....more12minPlay
May 31, 2024Францихь нохчий лецар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #65Францехь нохчий лецар, Мусаева Заремин хьокъехь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бина сацам, Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадана дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 65-чу подкастехь. ...more13minPlay
May 24, 2024Кадыровн нах даржашкахь лакхабаьхна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #64Нохчийчохь дIайаьхьначу рейдашкахь лецначарех цхьаъ кхелхина, мехкан Iедал чIагIдина Кадыровс даржашка шен нах хIиттош, цIера йеддачу нохчийн йоьIан дас ша иза кхин дIа а лоьхур йу аьлла – цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион 64-чу подкастехь....more13minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.