Sign up to save your podcastsEmail addressPasswordRegisterOrContinue with GoogleAlready have an account? Log in here.
Нохчийчоьнах лаьцна подкаст - кхузахь оха дуьйцу республикица боьзначу коьртачу хиламех, адамийн бакъонех, иштта йукъараллехь, политикехь, социалан агIонехь долчу хьолах а. Цул сов, билгалдоккху оха, ... more
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.
March 08, 2024Украинхойн йийсархой оьцу кадыровхоша шайчаьрца хийца | МАРШОНАН ПОДКАСТ #53Украинхойн йийсархой оьцу кадыровхоша шайчаьрца хийца, Украинерчу тIамана цхьана баттахь ши миллиард ахмиллиард (2,6 миллиард) сом дайъина Нохчийчохь, адамаш дехачу меттигехь 12 сахьтехь сов тIом бина гIалгIайн къайлахчу сервисаша....more15minPlay
March 01, 2024Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх | МАРШОНАН ПОДКАСТ #52КъорIан дагорна кхел кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь Журавель Никитина, дуьненахь акцеш дIайаьхьна лачкъийначу Сулейманова Седигахьа, Сочихь лаьцна Навальный Алексейн безамна зезагаш дохку тренер, ткъа Украино дIахьедина, ГIалгIайчоьнан дIакъаста бакъо хиларх - цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 52-чу подкастехь....more11minPlay
February 23, 2024Туркойчуьра нохчий арабохур бац аьлла ЭрдогIана | МАРШОНАН ПОДКАСТ #51Оьрсийчоьнан къилбехь Навальныйн безамна акциш дIайаьхьна, Нохчийчуьра бахархой Туркойчуьра арабохур бац аьлла ЭрдогIана, КъорIан дагорна бехкевинчу Журавель Никитина кхо шо ахшой доьху, ткъа Кадыровс шен гонна совгIаташ доькъу- цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 51-чу подкастехь....more12minPlay
February 16, 2024Нохчийчохь полицина дина тIелатар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #50Нохчийчуьра полицина дина тIелатар, Москвахь герзаш диттинарг нохчо хила тарло, КъорIанца кхиазхочо бинчу "бегашна" тIехула икххина дов – цунах а, и доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршонан 50-чу подкастехь. ...more10minPlay
February 09, 2024Алаудинов Апти а, z-националисташ а | МАРШОНАН ПОДКАСТ #49Доьзалехь латточу гIелонах йедда Нохчийчуьра йоI йийна хила тарло, Кадыровн кIентан рогIера совгIат, "Ахмат" спецназан оьрсийн националисташца даьлла дов – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршонан 49-чу подкастехь....more9minPlay
February 02, 2024Делимханов Адаман инарла-майоран чин | МАРШОНАН ПОДКАСТ #48Делимханов Адаман инарла-майоран чин, Нохчийчуьра веддачу кIантана гIело йарх дийцар, Кадырв Адаман кхерамаш – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду оха Маршонан хIора кIиранах арахоьцучу 48-чу подкастехь....more9minPlay
January 26, 2024Эскаран "сий дайарна" нохчочунна таIзар дар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #47Думин депутатаца Кадыровн дов, украинхойн дIалаьцначу Мелитополехь кадыровхойн тасадаларш, армин "сий дайарна" нохчочунна таIзар дар, Муцураевн иллеш даржочарна керла гIуданаш деттар. Цунах а, и доцчух хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолучу 47-чу подкастехь....more11minPlay
January 19, 2024Amnesty International-о доьху Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла | МАРШОНАН ПОДКАСТ #46Нохчийн эвлахь стаг вен хила тарлун бахьанаш; божаршца уьйраш йара аьлла, Нохчийчохь ницкъбина стаг махкара дIавахар; Къилбаседа Кавказера мухIажарш дIа ма ло аьлла бакъоларйархоша бина кхайкхам; Кадыровгахьа ша вуй дIахаийтинчу латархочунна критика йар – цунах а, и доцчух аладогIа таро йу шун Маршо Радион 46-чу подкастехь....more11minPlay
January 12, 2024МухIажар Албаков маьршаваккхар тIедожийна нохчийн диаспораша | МАРШОНАН ПОДКАСТ #45Америко санкцеш йухаэцахь, украинхойн йийсархой дIалур бу ша элира Кадыровс, амма тIаьхьо "троллинг" йара иза бохура. Даймахкахь гIело хьегийтинчу нохчочунна тховкIело йаларх сацам бийр бу Эрмалойчоьнан кхело. Кадыровн говр лачкъор толлуш гIо дехна Чехин полицино....more10minPlay
January 05, 2024Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс | МАРШОНАН ПОДКАСТ #44Шена дуьхьалболчаьрца йистйаккха аьлла Кадыровс, терроризмана бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочуьнгара францхойн махкалла дIадаьккхина, Венехь митинг хIоттийнера депортацин набахтехь нохчо кхелхинчул тIаьхьа....more10minPlay
FAQs about МАРШОНАН ПОДКАСТ:How many episodes does МАРШОНАН ПОДКАСТ have?The podcast currently has 132 episodes available.